Home
Categories
EXPLORE
True Crime
Comedy
Business
Society & Culture
History
Sports
TV & Film
About Us
Contact Us
Copyright
© 2024 PodJoint
00:00 / 00:00
Sign in

or

Don't have an account?
Sign up
Forgot password
https://is1-ssl.mzstatic.com/image/thumb/Podcasts116/v4/b6/c5/88/b6c58806-8e1a-71a1-f971-d1f5597fba55/mza_9981427591125485153.jpg/600x600bb.jpg
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Marsho Radio
127 episodes
2 days ago
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
Show more...
Politics
News
RSS
All content for МАРШОНАН ПОДКАСТ is the property of Marsho Radio and is served directly from their servers with no modification, redirects, or rehosting. The podcast is not affiliated with or endorsed by Podjoint in any way.
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
Show more...
Politics
News
Episodes (20/127)
МАРШОНАН ПОДКАСТ
КадыровгIара хьалхе захалонаш дар йемалдина бакъонашларйархоша | МАРШОНАН ПОДКАСТ #127

КадыровгIара санна, хьалххе доьзал чуберзо беза аьллачу Путинна критика йина бакъонашларйархоша, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен кIантаца дIасахийцина мидалш, Басаев Шемалан тобанехь хилла ву аьлла стаг лаьцна Ставрополехь. Цунах а, и доцчух лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 127-чу подкастехь.

Show more...
1 week ago
11 minutes 44 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Германера «Кадыровн стаг» | МАРШОНАН ПОДКАСТ #126

Соьлжа-ГIалахь дронашца тохарш динчул тIаьхьа Москвара кхаьчна совгIаташ, Оьрсийчоьнан омбудсмено нохчийн инарла волчу Алауидиновн агIо лацар, цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арахоьцучу Маршо Радион 126-чу подкастехь.

Show more...
3 weeks ago
9 minutes 59 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчохь дронаша дина тохарш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #125

Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша, зударшна дихкина божарша къоман духаршца лелочу бустамех пайдаэцар, таIзар догIу Кадыровн векал маьрша ваьккхина -цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 124-чу подкастехь.

Show more...
1 month ago
11 minutes 59 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша | МАРШОНАН ПОДКАСТ #124

Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша, зударшна дихкина божарша къоман духаршца лелочу бустамех пайдаэцар, таIзар догIу Кадыровн векал маьрша ваьккхина -цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 124-чу подкастехь.

Show more...
1 month ago
12 minutes 13 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Кадыров бахьана долуш балха лелаш вац Керимов Сулейман | МАРШОНАН ПОДКАСТ #123

Баймурадова йеран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна, Сочихь Путинан кабинетах терра чоь кечйина, иза волу меттиг къайлайахьа, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Раддион 123-чу подкастехь.

Show more...
1 month ago
11 minutes 44 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Ниццехь ворхI беран нана йер | МАРШОНАН ПОДКАСТ #122

Баймурадова Iайшатан гIуллакхера керланиг, Ниццехь ворхI беран нана йер, нохчийн муфтийн Оьрсийчоьнан коьртачу раввинца иккхина дов, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан хIора кIиранах арайолучу 122-чу подкастехь.

Show more...
1 month ago
13 minutes 3 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #121

Нохчийчуьра йедда хиллачу йоьIан гIуллакх, Уфахь «тIехьожург» лацар, ткъа Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах Маршо Радионо арахоьцучу подкастан 121-чу декъехь.

Show more...
2 months ago
13 minutes 21 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Эрмалойчохь йийна нохчий йоI | МАРШОНАН ПОДКАСТ #120

Эрмалойчохь нохчийн йоьIан йалар, Боснира араваьккхина ши нохчо, "Ахмат" спецназана лийначу Белгородера йахархочунна гIуда тохар, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 120-чу подкастехь.

Show more...
2 months ago
11 minutes 38 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийн сий дайъинчу Щепихинна хантохар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #119

Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, националистийн а 500 соьмана тIехула даьлла дов, Бусалба нехан дог-ойла аьшнаш йарна блогерна таIзар дар, кадыровхоша лачкъийначу Щепихин Арегна хан тохар. Цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 119-чу подкастехь.

Show more...
2 months ago
8 minutes 37 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Йартийн цIераш хийцар баледалар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #119

Нохчийчохь йартийн цIераш хийцаро Думехь гIовгIа эккхийтина, керла ахча йукъадаккхар къуьйсу тIеман корреспондеташа Кадыровца, нохчийн совдегаро тIаме кхайкхар йемалдина - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 119-чу подкастехь.

Show more...
2 months ago
10 minutes 9 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #118

Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна, Нохчийчуьра блогерш чоьте эцна, йагорг йуттучу меттигехь герз диттина нах лоьху ГIалгIайчохь - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду оха Маршонан 118-чу подкастехь.

Show more...
3 months ago
10 minutes 21 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Соьлжа-ГIалахь оьккхуьйтург йиллинарг лаьцна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #117

Хьешан цIенна хьалха оьккхуьйтург йилларна шеконашца стаг лаьцна Соьлжа-ГIалахь, нохчийн бакъонашларйархо Арцуев Аслан федералан лехамашка велла, Нохчийчуьра таксхочунна 15 дей-буьйсий тоьхна мухIажарийн политикех лаьцна забарш йарна, цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршонан 117-чу подкастехь.

Show more...
3 months ago
10 minutes 11 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #116

Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а, нохчийн Iедалхой Пугачевана дуьхьал бу, Дагестанехь доьазза совдаьлла къизаллица зуламаш дар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 116-чу подкастехь.

Show more...
3 months ago
11 minutes 13 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана | МАРШОНАН ПОДКАСТ #115

Бесланехь йохийначу школехь дагалецира 2004-чу шеран терактехь хIаллакбина нах, Киево бехкаш дехкина Кадыровна, Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 115-чу подкастехь.

Show more...
4 months ago
9 minutes 53 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчохь вайна кIант лехар а, КадыровгIеран пиар а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #114

Нохчийчохь вайна кIант лоьхуш хиларх Кадыров Адам вазвархьама пайдаэцна боху, ХӀинжа-ГӀалара бахархой йуха а дуьхьалбевлла ток дIайаккхарна,доьзалехь гIело латторна ГIалгIайчохь вайна кхиазхо зIене ваьлла – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 114-чу подкастехь.

Show more...
4 months ago
10 minutes 34 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #113

Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна, ГIазза секторан бахархошна гулдечу ахчана тIехь терго латтор йу Кадыров Адама, ХIирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йукъарчу постехь мацалла кхайкхийна пхеа украинхочо – цунах а, и доцчух а ладогIа таро хир йу шуна тхан 113-чу подкастехь.

Show more...
5 months ago
9 minutes 51 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча | МАРШОНАН ПОДКАСТ #112

Нальчикехь полисхочунна дина тӀелатар, нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча а, Мусаева Заремин кхелехь хилла ладегIарш а – цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 112-чу подкастехь.

Show more...
5 months ago
9 minutes 16 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
ГIалгIайхочь вайнарг а, Нохчийчохь лецнарш а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #111

Нохчийчохь доккха ловзар хIоттийра 17 шо долчу Кадыров Адамна зуда йалийначохь, Кадыров Рамзанна могушалла йоьхуш, доIанаш дар доьхуш махкахь бина кхайкхам, "Ахмат" спецназан буйранчан Алаудинов Аптин сахьтаца йозна скандал, Соьлжа-ГӀалахь кхо кхиазхо ахшарахь полицехь лаьцна латтор а, - цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 111-чу подкастехь.

Show more...
6 months ago
9 minutes 13 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
"Оьрсийн йукъаралла" нохчийн берашна дуьхьал йаьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #110

«Оьрсийн йукъаралла» нохчийн берашна дуьхьал йу, Мусаева Заремин кхеле ца веъна волайнхо, депортаци йина иттанашкахь украинхой бу хIирийн а, гуьржийн а дозанера ларми чохь латтош - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 110-чу подкастехь.

Show more...
6 months ago
8 minutes 46 seconds

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчуьра командиро эскархошкара кхаьънаш дахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #109

Ши шо хьалха лачкъийна Сулейманова Седа лехамашка йелла полицино, ГIажарийчоьнан а, Израилан а тIамах пропагандин гIирс хилла Къилбаседа Кавказехь, садаIа цIа бохуьйтург эскархошкара кхаьънаш даьхначу Нохчийчуьра командирна кхел йина – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 109-чу подкастехь.

Show more...
6 months ago
11 minutes

МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.